Этнографический диктант

27.02.2019

Вайн массеран а декхар ду ненан мотт 1амор, и ц1ена бийца хаар. Иштта массо а декхарийлахь ву вайн къоман яздархойн, поэтийн кхолламан некъаш, церан литературни белхаш довза.

2019-чу шеран чиллин беттан 28-чу дийнахь дешаран организацешкахь нохчийн матте болу безам а, цуьнан вайн дахарехь лелар а совдаккха, Нохчийн Республикин бахархойн ненан маттах долу хаарш алсамдаха йолчу Iалашонца Мамакаев Iаьрбин дахарх а, кхоллараллех лаьцна «Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана» цIе йолу региональни этнографически диктант хир ю. Шайн хаарш гайтарехь оцу диктантехь дакъа лаца йиш ю хьехархойн а, дешархойн а, дай-нанойн а. Диктант вовшахтохаран, цунна кечам баран болх, НОХЧИЙН РЕСПУБЛИКИН КУЬЙГАЛХОЧУН, РОССИН ТУРПАЛХОЧУН КАДЫРОВ АХЬМАДАН РАМЗАНАН д1адолорца доьзна, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а Министерствос бина. Дала аьтто бойла, ненан матте болу безам, лерам гайта лууш, диктантехь дакъа лаца 1алашо йолучеран. Дала т1аьхье беркате йойла вайн!